25-г1а апрель - НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕ!

25.04.2020

Вайн Мехкан Дех Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанах  вайн махкана, вайн къомана, Делан къинхетамца, даьллачу беркатех цхьа беркат ду вай тахана, 25 апрелехь, даздеш дерг –  НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕ!  «Нохчийн къам дийна хиларан мокхазан чIагIо ю ненан мотт» – тӀулга тӀе яздина йоза санна, нохчийн иэсан тептар тӀе дӀаяздина ду Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ӏабдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжин дешнаш. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо  Кадыров Рамзана 25 апрель-Нохчийн меттан Де аьлла, къастийнчу шарахь дуьйна, хӀора шарахь нохчийн къоман синкхетам шорлуш, лакхаболуш бу. БӀаьстенан зазанца хазлучу махках терра хуьлу Нохчийн Мохк 25 апрелехь.

         Юха цкъа, хӀокху хазачу а, дезачу а дийнахь  Нохчийн Къам а даггара декъалдо Нохчийн меттан Денца!